Викторина «Суна хаьа нохчийн мотт»

30.01.2023

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен Указаца д1акхайкхийначу Нохчийн меттан шарна лерина, тахана Старогладовски йуккъерачу йукъарадешаран ишколехь д1айаьхьира «Суна хаьа нохчийн мотт» ц1е йолу викторина.

Цу йукъахь дакъалецира 5-9-чуй классера дешархоша. Дешархоша гочйира оьрсийн маттера нохчийн матте дийнатийн, акхаройн ц1ераш.